ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баккха атта дац нохчашна чоме хета хьонка


Нохчийчоь -- Хьонка баккхар. 2016.

Алихан цIе йолу жима стаг ВаларгтIера ву. Хьонке лелаш ву иза дукха жима волуш дуьйна.

Юьртахь кхин белхаш боцун дела, аьхка гIишлошъярхойн болх беш, IаьнтIехь хьонка боккхуш хенах вла гIерташ веха иза, шайн эвлара кхин болу шен нийсархой санна а. Алихана дуьйцу хьонка бууш мерза белахь а, иза баккхар хала болх бу бохуш.

Алихан: «Сатасале Iуьйрана машенца цига хьалавоьду. ТIаккха хьуьнхахь кхиy гIаш некъ бо 2-3 сахьтехь. ТIаккха цигахь 3 сахьт даллалц хьонка боккха. ТIаккха хьайн гали ги а тухий, охьавоьду хьо машен лаьттачу.ТIаккха, хьонка бирже дIа а хьой, цигахь дIабухку юхабухкучарна».

Хьонка баккхар ах болх бу, иза лахар цхьа ша тайпа хало ю. Иза боккхучу хенахь, цуьнан шен низамаш а ду. Цкъа а ца боккху нохчаша иза орамашца, тIедогIучу шарахь а шайн иза баккха безан дела. Хьонка боккхуш коьрта гIирс урс ду, бохуш дуьйцу хьонкбаккхархочо Алихана.

Алихан: «15-20 сантиметар ло дIа а хьокхий, тIера гIаш а дIахьокхий, пах санна кIеда латтана кIеллара, уьрсаца мажош хеда а еш, схьабоккху иза. Стохка делкъахан хилале ас 35-40 кила боккхура".

Хьонка баккхар кхерамазалла йолуш хIума дац. нагахь минанаш тIе ца нислахь, оьрсийн эскархошна тIеIиттало. Царах лардала гIерта шаьш, амма ма хетта ца хуьлу аьлла, кхин дIа а дийцира хьонкбаккхархочо Алихана.

Алихан: «Паспортан ксероксаш дIаяла еза ахь юьртан администрацехь. ДIадоьлхуш а таллам бо постехь. ЮхадогIуш а таллам бо. Паспорташ а хоьтту хьуьнхахь. Мила лелара ву цигахула, паспорт киснахь а долуш. Куртка, вох а велла, ахь диттан тIе оьллича, иза киснах паспорт а долшу дIаяьхьна меттигаш а ю».

Хьонка боккхуш уллерчу накъосташа хьарамлонаш а, къоланаш а лелош хIума хуьлу боху Алихана. Иза баккхар хала хилар сов, иза кхечара лачкъош гича, сатохар а ду цхьа онда собар оьшуш хIума, элира цо.

Алихан: «Хьонка лачкъош гича хIума ца олуш Iийна со. Ахь нехан гали чуьра цхьа хал а эцна, кхаьллича а хьарам ду иза, хIунда аьлча чIогIа хала ду иза баккха. Со-м Iийна хIумма а ца олуш, сайн хьонка лачкъош гича а.

Нахана бен а ца хета шайн гали цIадаьхьчхьана. Сутар бу нах. Зударий а боьлху генна дIа. ТIаккха царна гIо дан оьшуш хуьлу. Со-м ца вавелла цигара охьа, гIо а ца деш. Накъост дика хила веза цигахь».

ХIинца хьонка Нохчийчохь массо а базаршкахь бу. Бутт хьалха иза наггахь бен оьцуш бацара, беза болун дела. ХIинца иза хIора кIиранах механа байлуш бу. ТIаккха хIора хIусаман шуьнехь лаьттар бу цуьнах бина нохашна беза кхача.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG