ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кара-Мурза Владимир меттавеана


«Открытая Россия» юкъараллан организацин координатор Кара-Мурза Владимир меттавогIуш а ву, реанимацера араваккха там бу аьлла политикан адвокато Прохоров Вадима. Хьалхо болчу хаамашца, карарчу беттан 3-чу дийнахь дуьйнна дийна хилар бен кхи билгалонаш йоцуш Iиллина Кара-Мурза-жимахверг меттавеана. Жаннийн лазар меттахдаьлла кхачийра иза дарбан цIийне кху беттан 2-чу дийнахь.

Оццу бахьанашца шо хьалха а хан яьккхира Кара-Мурзас лазартнехь. ХIетахь цо чIагIдора, ша вен дагахь дуьхьал даьккхина зулам ду бохуш. Инцидент таллаза дитира.

ЮКОС компанин хиллачу долахочо Ходорковский Михаила кхоьллинчу «Открытая Россия» юкъараллан координатор ву Кара-Мурза Владимир. 2015-2016-чу а шерашкахь оппозицин «Парнас» партин куьйгалхочун гIовс лаьттира иза.

Цул совнах, «Солидаралла» цIе йолчу боламан декъашхо а ву Кара-Мурза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG