ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

'Терекан' вице-президент дуьхьал ву клубан цIе хийцарна


Нохчийчоь, Терек
Нохчийчоь, Терек

Соьлжа-ГIаларчу футболан клубан Терекан цIе хийца ца оьшу, аьлла дIахьедира Терекан вице-президентс Алханов Хайдарс. Кху баттахь Терекан футболезархоша Терекан цIе хийца аьлла кхайкхам бина, бохуш дIахьединера цу клубан урхалло. Дийцарехь, цара клубан цIе Ахмат тилла бохуш кхайкхамаш бина хиллера.

Кху беттан 8-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Рамзан Кадыров билгалдаьккхира клубан керла цIе хийцар Директорийн Кхеташонан карахь ду аьлла.

“Cуна хетарехь, “Тереко” иштта а лелайо Ахмат-Хьаж Кадыровн цIе, ас и хуьйцур яцара. Нагахь санна кхана “Ахмат” футболан клубо голаш чуэхийтахь, суна луур дацара, Оьрсийчоьнан турпалхочун , Нохчийн Республикан дуьххьара президентан цIе лелон клуб эшна аьлла хаза”, - дIахьедира Алхановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG