ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна хаьа веддачу эпсаран цIе


Москох - ФСБ-ан туп
Москох - ФСБ-ан туп

Чиллан-беттан 13-чу дийнахь ZDF телегойтилло гайтира Эгмонта Кохс яьккхина документале филм “Путинан Шийла тIом”. Цу филмехь ФСБ-ехь 20 шарахь болхбина стага дийцира ФСБ-с Европехь къайлаха дIахьочу операцех. Хьахийра цу филмехь масала Европе уьду нохчийн мухIажарех дуккха а Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна болхбе агенташ бу, аьлла. Цуьнан юьхь хьулйина яра филмехь. Юьхь хьулйина хиллехь а, иза мила ву тIаьхьакхиина Оьрсийчоьнан къайлаха сервиша. Цара дийцарехь иза ву Оьрсийчохь Iедалш лоьхуш волу - полковник Петр Самарски. Иза шен да хилар тIечIагIдо цуьнан воIа. Цунах яздина кху вебсайтехь:

https://medium.com/@tzurrealism/samarskiy-75a58e47f6b2#.n62r67rgp

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG