ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуръанах забарш йинчу блогерна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх долийна Нохчийчоьнан прократуралло


Нохчийн полисхойн машен
Нохчийн полисхойн машен

Нохчийчоьнан прокуратуралло хаамбарца, виделблогерна Илья Мэддисонна дуьхьал цо бехктакхаме гIуллакх айъина. Цунах хаам бара прокуратураллин сайтехь. Meduza сайто дийцарехь, и хаам тIаьхьо Нохчийчуьрчу официале сайташ тIера дIабаьккхира. Ала догIу, даханчу баттахь цу видеоблогеро маьттаза забарш йира Къуръанах а, Инжилах а. Блогер, Давыдов Илья, хIинца мичахь ву хууш дац. Цхьадолчу дIахьедаршца, иза махках ваьлла нохчаша а, дагестанхоша а, кхечу бусалбачу къомарчу кегийрхоша шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG