ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 'ДаIишан' декъашхошна хенаш тоьхна Москох


Оьрсийчоь -- Байсултанов Аслан а, Ашаев Элмна а, Межидов Мохьмад а, Москохорчу кхелехь, 2014-чу шеран 14-чу дийнахь.
Оьрсийчоь -- Байсултанов Аслан а, Ашаев Элмна а, Межидов Мохьмад а, Москохорчу кхелехь, 2014-чу шеран 14-чу дийнахь.

Москохорчу тIеман кхело кхаъ Нохчийчуьрчу вахархочунна хенаш тоьхна 2015-чу шарахь Москох теракташ ян кечамбарна. Цунах хаамбо РИА Новостис Чиллан-беттан 14-чу дийнахь.

Байсултанов Асланана 14 шо тоьхна луьйрачу рожехь яккха, Ашаев Элмана 12 шо хан тоьхна. Царна 400 000 а, 350 000 а сом гIуданаш а тоьхна. Ткъа Межидов Мохьмадна 3 шо хан тоьхна. Талламхоша билгалдаккхарца, Байсултанов а, Ашаев а Шемарчу террорхойн тобанах "ДаIишах" 2013-чу шарахь дIа а кхетта, террорхойн операцешкахь дакъалецира меттигерчу Iедална дуьхьал.

Цу шеран чакхенехь диверсанташ Оьрсийчу юха а баьхкина, герз а, лелха хIуманаш а ийцира. Талламхоша кхидIа а хаийтира цара 4,9 кийла оьккху хIума вовшах а тесна, и Москох дIакхачийра, аьлла. Цигахь иза эккхийта дагахь бара уьш, бохуш чIагIдо талламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG