ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн дзюдоисташа толамаш баьхна


дзюдоисташ
дзюдоисташ

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяхьира 23 шо кхаччалц дзюдохула Къилбаседа Кавказан кегийрхошлахь чемпионат. Къийсамашкахь къовсург Кемеровехь дIахьур йолчу Оьрсийчоьнан чемпионатехь дакъалаца бакъо яра. И бакъо яьккхира 14 нохчийн дзюдоисто. Нохчийн дзюдоисташ 3 хьалхара, 1 шолгIа а, 5 кхоолгIа а меттигаш ехира 7 дегIан йозаллехь. Дакъалаьцначу командашлахь хьалхара меттиг а яьккхира нохчийн атлеташа, хаамбо Нохчийчоьнан спортехула министералло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG