ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампс Путине: ГIирма юхаерзайе Украине


Спайсер Син
Спайсер Син

Трампан администраци Оьрсийчоьнца буьрса хир ю цуьнца шена цхьадолу хаттарш цхьаьна листа лаахь а, аьлла дIахьедар дира Шинарин дийнахь Трампан пресс-секретарc Спайсер Синс.

"Президент Трампс ма-дарра дIахаийтина, ша Оьрсийчоьнан Iедал Украинера чолхе хьал меттадалорх а, ГIирма Украине юхаерзорх а тешна ву, аьлла," дIахьедина Спайсерс. "Цу юкъана, иза буьззинчу барамехь кийча а ву, лууш а ву Оьрсийчоьнца тарвала, шел хьалха хилла администраци ца таръеллехь а, дуьненна хьалха лаьтта баланаш цхьаьна листархьама, масала ДаIиш а, терроризм а."

Ала догIу, и дIахьедарш Трампан администрацис дина, Трампан хьехамча инарла Флин Майкл шен Оьрсийчоьнан амбассадорца хиллачу къамелах Трампига харцдерг дийцарна балхара дIаваьллачул тIаьхьа.

Iамеркехь дуккха а тергамчаша шек бара, Флинн Путинан гонца тIехсов чукаре хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG