ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а, ОвхIанистанехь а хилла тIемаш дагалоьцур бу Москохан кIоштахь


Советийн Пачхьалкх, Чиллан-бутт 15-де, 1989-гIа шо. Советийн эскарш арадохуш ОвхIанистанера.
Советийн Пачхьалкх, Чиллан-бутт 15-де, 1989-гIа шо. Советийн эскарш арадохуш ОвхIанистанера.

Москохан кIоштан куьйгалхочо Кропотин Владимирс а, Москохан кIоштехь байинчийн доьзалийн цхьаьнатоьхначу гуламан куьйгалхочо Малцева Верас а, Советскера а, Нижегородскера а тIеман комиссар Михневич Николайс а схьайоьллур ю Совет пачхьалкхан эскарш ОвхIанистанера арадахарна 28 шо кхачарна лерина иэсан митинг. И барам дIахьур бу кху беттан 15-чу дийнахь 11:00 cахьт даьлча. Цунах хаамбо Лахарчу Новгорадан администрацино.

Цу барамашка кхайкхина тIемашкахь дакъалаьцнарш а, церан гергарнаш а. Мемориале ун тIе тоьхна ю Москохарчу кIоштара ОвхIанистанехь кхелхинчу 10 салтичун а, Нохчийчохь вийначу 15 салтичун а цIераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG