Къилбаседа Кавказерчу субъектех Нохчийн республика бен ца яхна тоьллачу Оьрсийчоьнан 20 регионна юкъа, ткъа цхьадолчу терахьашца Оьрсийчуьрчу субъектех къоман инвестицийн климат тоьллачех хиларна хьалханча а хилла, хаамбо Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша.
Нохчийн Республикан векалша дагахь бу Дуьненаюкъарчу мехкан тIегIанерчу FIABCI «Prix d’Excellence» 2017 къийсамехь нохчийн девелопершка а дакъалацийта.Ткъа Соьлжа-ГIалан коьрта архитектор Зелимханов Iабдулрешид къоман тIегIанан экспертийн кхеташонан декъашхо хир ву.
Цу юкъана, Соьлжа-ГIалан мэр Хучиев Муслимс ша кийча ву аьлла дIахьедира, Оьрсийчуьра бизнес-миссин инвестерашца а, кхечу пачхьалкхашкара инвесторашца а Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхета.