Нохчийчура эскархой Шемахь биса мегаш бу Марсхьокху-бутт тIекхаччалц. Цунах длаьцна хаам бина «Кавказский узел» портало, республикерчу ницкъаллин структурийн векалшна тIе а тевжаш.
Цу хаамца а догIуш, Нохчийчура Шема хьажийначу тIеман декъан эскархой цигахь буьсур бу аьхке чекхяллалц. Цуьнан бахьана хууш дац.
2016-гIа шо чекхдолуш Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс хаам бинера Алеппон маьрша яьхначу кIошташкахь къепе латто Шема пачхьалкха тIеман полицин батальон хьажийна шаьш аьлла.