ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавровс бехке йина Iамерка шайн Вашингтонерчу векалан къамелашка къайлаха ладогIарна


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. 18Чилл2017
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. 18Чилл2017

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бехке йина Вашингтон шайн Iамеркерчу векалан Кисляк Сергейн къамелашка къайлаха ладогIарна. Лавровс дийцарехь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхахоша «шайн цIераш а ца йохуш, официалан кепехь дийцина журналисташка", Кисляка телефонехула деш долу къамелашка а, цо Москох оьхуьйтучу дIахаийтаршка а шаьш ладугIуш хилла хиларх лаьцна.

Иза цара дина Iамеркан къоман кхерамазаллехула волу хьехамча Флинн Майкл Оьрсийчоьнца уьйраш йолуш хилла аьлла иккхина дов а долуш.

Флинна дитира шен дарж, президентан хьехамча хIоттале хьалха цо Iамеркан векалца Кислякца Iамерко Оьрсийчоьнна духьал кхайкхийна санкцеш йийцаре йина хиларна а, вице-президенте Пенс Майклга цу хьокъехь цо харц хаам бина хиларна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG