Неврара вахархочо Оьрсийчоьнан эскаран декъана уллехь йиллина туька дIаяккхийтна Iедалша. Иза бакъо йоцуш йиллина аьлла суьде бевлла хилла меттигерчу администрацин белхахой. Суьдо сацам бина туька дIаяккха еза аьлла.
Делахь а, мосуьйттоза гIуда тоьхча а, лууш ца хилла иза дан долахочунна. Амма эххаре а таIзарш кхочуш дечу федералан сервисан урхаллан аьтто баьлла суьдан сацам кхочушбайта.