ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалара вахархо боккхачу балех кIелхьарваьккхина лоьраша


Унитазаш цIанйеш лелош йолу чотка яьккхина хирургаша Ночийчуьра вахархочун коьртара. И чотка яханера цунна ламаз эца чувахханчохь, ког а шершина, охьакхеттча.

Воккха стаг дарбанан хIусаме дIакхачийнера цуьнан йоIа. Тамашийна дерг ду, 20 сантиметр коьртах яхана эчиг хиллехь а, дархо кхетам чохь а волуш, сатохалуш хилла хилар.

Лоьраша дийцарехь, операци йинчул тIаьхьа ши-кхо де даьлча, иза цIавахийтина дарбанан хIусамера. Коьртах хIума яханехь а, бIаьрса ца довш а, коьртан органаш ца йохош а, дIабирзина воккхачу стагана и бохам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG