ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъинтIера а даккхаза, дIалакъа боху къоме


Нохчийчохь цхьана декъо Оьрсийчоьнан эскаран де даздо, ткъа вукхеран дагчохь хьегIа депортацин шераш...

Нохчийчохь Оьрсийчоьнан Турслочун де билгалдаккхарца школашкахь мукъаденош делла, дIахецна бераш.

Хьехархой декхаре бина кху деношкахь республикехь а, кIошташкахь а сийлахь даймохк ларбархошна леринчу кеп-кепарчу даздаршкахь дакъалаца.

Амма муьлххачу а нохчочун ойланаш кегийча хаало, Чиллан-бутт карабеачхьана церан дегнашчохь сингаттам къаьсттина чIагIлуш хилар, йочанечу дийнахь хьегIа чов санна.

Карладолу, дайн латта дIа тосуш, лаххьийна нохчий Сибрех дIабигар, 13 шаре бахбеллачу новкъахь Iиттаелла халонаш, хилла зенаш.

Кху деношкахь Маршо Радионо дуккха а дийцина депортацех, Юккъерачу Азех, ладийгIина и де шайн бIаьргашца гинчийн дийцаршка а, карлабаьхна цигахь беллачийн тIаьхьенан дагалецамаш а.

Иштта хьлахо дийцира оха, шина декъах йозучу программашкахь депортацин шерашкахь, мостагI лерина Сибрех хьажийначу Гермчигарчу вахархочун Бетишев Хьусайнан кхолламах.

ХIетахь, 13 шо долу Хьусайн шен дай баьхначу Нохчийчу веара. ХIетахьлерачу заманан луралле а, шогалле а хьаьжча, атта цхьа а тешар а вацара, 13 шо долу бер масийтта эзар чакхарма некъ а цоьстуш даймахка кхечира аьлча.

ХIунда аьлча, дайн дийцаршкахь дукха хезна, цхьана юьртара кхечу эвла ваханчунна а тIаьхьа 25 шаре кхаччалц хенаш етташ, харц зама хилла хиларна.

Маршо Радио юха а зIене ваьккхира тахана а Гермчигахь веха Бетишев Хьусайн.

Дукха жимчохь дуьйнна дех, нена марзонах хаьддачу Хьусайна, чIогIа дагах кхетта шена элира, Оьрсийчоьнан Iедало хIокху 73 шарахь къоме гечдар ца дехарна тIехь латтийначу гIелонна а, харцонна а.

Бетишев Хьусайн, 2016
Бетишев Хьусайн, 2016

Вайн къам къинтIера даккха дезаш дара

Бетишев: «Вайн къоманна хала де а, лазаме де а ду и. Даим а дог лаза дезаш, дицдан ца дезаш де ду. И вайн деган чов ю. И де дерзор а дагах кхетта суна.

Вайн и халонаш ца лайча санна, цкъа а ца хилча санна...

Оццул сан дагна цу дийно чов яр хIун ду хьуна аьлча, и депортаци бахьана долуш сайн ден-ненан марзо ца гина суна.

Ас даим хоттург ду: хIунда дина-те суна и? ХIун бахьана хилла-те сан къоманна тIехь оццул къизаллаш лело?

Вайн къам уггар хьалха къинтIера даккха дезаш дара оьрсийн Iедало. Вайна динчу зуламах жоп цаделла хIинца а я къам къинтIера а ца даьккхина куьгбехкечо».​

Вайнах Сибрех дIабигина шо даьлча дуьненчу яьлла нохчийн халкъан театран актриса Багалова Зулай. Цуьнца а дийцаредира оха Сталинан омра бахьанехь дийнна къомо лайначух, хьегначух.

Зулайн бералла, кхечу нохчаша ялхочу халонашка ладоьгIча, токхе хилла, къоьлла ца хьегна цо я юучуьнца-молучуьнца а, ур-атталла. Ша а, шен доьзал а баьхна меттиг а яра боху актрисас Швейцарех тера.

ХIун бахьанаш хилла-те Багалова Зулай, цо ша ма-бохху, ялсамане кхачаран?

Багалова Зулай, театран актриса
Багалова Зулай, театран актриса

Кхечара лайна халонаш, мацалла а суна гина яц

Багалова: «Къам дIадохийна шо даьллачул тIаьхьа йина со. Тхуна, берашна, баккхийчара хIуммаъ дийца а ца дуьйцура. Со кхиошъерг сан ненанана яра.

Цо цхьаболучара санна къайла а ца дохуш дора ламазаш а, дихкина дара хIетахь ламазаш дар а, КъорIанаш дешар а.

Кхоно тIаьхьа киншкаш йоьшуш, цIа даьхкинчул тIаьхьа газеташ доьшуш, юха Iедал доьхначул тIаьхьий бен суна хиина а дац, вайн наха лайна халонех.

Масарна а халахета кху беттан 23-чу дийнахь къам махках даккхаран де Стигалкъекъа - батте дIатеттина, делахь а, тхо кху махкахь дехаш хилча, и низам ца лардича а ца довлу.

Алма-Атана гена йоццучу меттигехь дара тхо дехаш. Сан бераллех аьлча, ирсе хан яра ас цигахь дIаяьхьинарг. Кхечара лайна халонаш, мацалла а суна гина яц».​

Даймахках хьегаш, къомо лайнарг дуьйцуш, дегнашна хилла чевнаш а йостуш, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Iедало шайн тергоян лаьа дуккхаъчу къаношна. Царна хетарехь, исторехь цкъа а дицдан йиш йоцу де ду и.

Ткъа, Багалова Зулайна хетарехь а, «ма хетта ца хилча, ма торру» баьхначу дайшна тIе а тевжаш аьлча, бен а дац депортацин де тахана хьахийча а я Стигалкъекъа-баттахь билгалдаьккхича а, коьртаниг, къоман иэсехь даиманна а дуьсур долуш де и хилар.

XS
SM
MD
LG