Шемахь тIемалошна юкъахь Асад Башарана дуьхьал тIом беш ву виъ эзар Оьрсийчура а, пхи эзар СНГ пачхьалкхашкара а махкахо.
Цунах лаьцна еарин дийнахь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Къилбаседера флотан эпсаршца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Путина дийцарехь, цу тайпа терахь даладо Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.