ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнах махкахбаьхна де дагалацар тIаьхьататта дагахь бу гIалгIай а


"Кавказ Реалии" портало дийцарехь, ГIалгIайчоьнан парламентан гIандас Евлоев Зялимхана дIахьедар дина, федералан Iедалшка дехар дан деза ГIадужу-беттан 30-гIа тезетан де кхайкхадахьара аьлла.

Цо дийцарехь, иза дича гIалгIайн аьтто хир бу, берриг а Оьрсийчура бахархойн санна, Чиллан-беттан 23-гIа де а, Зазадоккху 8-гIа а де а даздан.

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь бохийна махкахбаьхна нохчий а, гIалгIай а. Ткъа Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Сибрех хьовсийна балкхархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG