ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь тховкIело ехна 130 сов туркочо


Германи -- Туркойчоьнан Берлинера векалалла.
Германи -- Туркойчоьнан Берлинера векалалла.

130 сов Туркойчуьра дипломаташа а, церан доьзалша а политикан тховкIело ехна Германин Iедалшка, стохка Товбеца-баттахь Iедал карчо гIоьртинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бина Франc-Пресс агенталло.

Iедал карчо гIортар хилира Тукойчохь 2016-чу шарахь Мангал-беттан 16-чу дийнахь буса. Цул тIаьхьа цу махкахь юкъаяьккхина чолхечу хьолан раж, ткъа болх бечура сацийна адамийн бакъонаш ларъярехула йолу Европан конвенци.

Туркойчохь Iедал хийца гIортарехь дакъалаьцна аьлла полицино дIалаьцна 40 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG