Москох Пачхьалкхан ГУЛАГ-ан историн музейхь акци хилла 1944-чу шарахь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш дохийча беллаш дагалоцуш.
Цу цхьаьнакхетаран декъашхоша дийцира Чиллан-беттан 23-гIа де Ночхийчохь а, ГIалгIайчохь а тезетан де лоруш хиларх а, тахана а шайн цIаберза йиш йоцуш нах хиларх а лаьцна.
Нохчий махкахбахаран тешаш дийцира 1944 шарахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а Чиллан-беттан 23-чу дийнахь хилачух лаьцна.
Царах яра 91 шо долу Цирлина Розалия. 1944-чу шарахь иза 9-чу классан дешархо хиллера Соьлж-ГIаларчу N1 йолчу школехь.