ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президенто Трампа луьра критика йина харц хаамаш баржочу зорбанан гIирсашна


Iамерка -- Iамеркан президент Трамп Долналд вистхуьлуш ву Iамеркан Консерваторийн Юкъараллан Конференцехь, Нэшнл-Харборехь, Мэриленд. Чилл. 24, 2017
Iамерка -- Iамеркан президент Трамп Долналд вистхуьлуш ву Iамеркан Консерваторийн Юкъараллан Конференцехь, Нэшнл-Харборехь, Мэриленд. Чилл. 24, 2017

ЦIе ца яьккхинчу хьостанашна тIе а товжаш хаамаш барна а, хаа а хууш харц харжамаш а баржочу зорбанан гIирсашна луьра критика йина Iамеркан президенто Трамп Долналда.

ПIераскан дийнахь Нэшнл-Харборехь(Мэриленд штат) дIаяьхьначу хIора шарахь хуьлучу Iамеркан Консерваторийн Юкъараллан Конференцехь вистхуьлуш, президенто элира "фейк-ньюз" (харц хаам) "адамийн мостагI" бу аьлла.

Президенто Трампа билгалдаьккхира ша зорбанан гIирсашна дуьхьал ца хилар. ЦIена лелон журналистика шен мостагI ца хета шена бохуш вара иза.

Iамеркан президентана хетарехь, пресса анониман хьостанашна тIетовжа оьшуш дац – «нисса дIа яха еза цIераш» аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG