ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов дагалоцуш марш хилла Москох


Зезагаш а, Немцов Борисан портрет а ду Москох юккъехь иза вийначу меттигехь.
Зезагаш а, Немцов Борисан портрет а ду Москох юккъехь иза вийначу меттигехь.

Москох а, кхин йолчу Оьрсийчоьнан гIаланашкахь а, ткъа иштта махкал арахьа а акцеш хилла Немцов Борис дагалоцуш. Оппозицехь волу и политик вийра 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь.

Немцов дагалоцуш Москох акци вовшахтоьхна Оьрсийчура демократин хьажар долчу вовшахтохараллаша, шайна юкъахь "Солидарность", "Парнас", Партия прогресса, "Яблоко", "Открытая Россия", "Партия 5 декабря", Либертарианская партия, "Выбор России", "За права человека", "Московская Хельсинская группа" а, кхин ерш а йолуш.

Талламхойн версица, Немцов ве аьлларг а, иза вер вовшахтоьхнарг а ву «Север» батальонан эпсар хилла Мухадинов Руслан. 2015-чу шеран Лахьан-баттахь дуьйна иза ву дуьненаюкъарчу лехамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG