ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Роснефть" Нохчийчоьнна дохка кийча ю цигара маьIданаш


Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министраллана Нохчийчуьрчу шен «Грознефтегаз» декъан активийн барам бовзийтина «Роснефто». Иза дагахь ю, хаамийн гIирсаша бахарехь, махкара шен 51 процент активаш а, кхиболу бахам а дIабохка. 12,5 миллиард соьмана ларало и бахам.

Хьостанаша дийцарехь, Нохчийчоьнан Iедал реза хилахь, цунна бухкур бу «Роснефто» шен бахам. Ткъа Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министралло ца довзийтина йохк-эцарца долу хьал.

Махкара маьIданаш Нохчийчоьнан урхалле дIадалар дийцаре ден дуккха а хан ю. Цкъачунна хууш дац, хIун мехах, муха, муьлхачу хьесапашкахь нислур ду нохчийн мехкдаьтта, газ мехкан доладерзор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG