ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Соьлж-ГIалахь бераш дар - лаккхара, баларш - лаххара ду


Соьлж-ГIалахь, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашца дуьстича, лаккхара ду бахархой тIекхиар, уггаре лахара ду баларш, боху Росстато. ХIора 1000 стагна тIекхиина махкахь 16,6 бер, такъа коьртачу шахьарахь и терахь ду 17,3, боху статисташа.

Иштта лакхара ду бераш дар Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Ямал-Ненцойн махкахь, Тувахь, дIахьедина Росстато. Цуьнан зераш бакъдо Оьрсийчоьнан Юкъараллин палатерчу эксперташа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG