ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Облигацеш арахеца йоллу Оьрсийчоь


Оьрсийчоь бутт баьлча халкъера юхалург ахча доккху облигацеш арахеца дагахь ю, хаам бина финансийн министро Силуанов Антона. Арахоьцучу облигацех лаххара номинал ерг хир ю 30 эзар сом доьхуш. Облигацеш оьцийла хир ду Сбербанкехь а, ВТР24 банкехь а, аьлла Силуановс Сочерчу инвестицийн форумехь.

Дуьххьара арахоьцучу облигацийн барам хир бу 20 миллирд соьмана. Финансийн министро бахарехь, «100 процент гаранти ю мах оцу кехатийн бужург цахиларан».

Iедалан Iалашо ю хIора шарахь 20 миллиард соьмана облигацеш арахеца. 25 миллион соьме кхоччуш уьш эца бакъо хир ю хIора а вахархочун, ша а ву уьш эца дагахь, аьлла Силуанов Антона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG