ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина бакъдо Оьрсийчуьрчу спортхоша допингаш лелош хилар


2019-чу шеран Универсиадана кечамбар дийцаредечу кхеташонехь Путин Владимира даредина Оьрсийчоьнан антидопинган система галъялла хиларх. Цо кхайкхина спортхой Дуьнанюкъарчу антидопинган агенталло дина дIахьедарш бухболуш дуйла кхеторе. «Ледарлонаш йийлина, иза вайн бехк бу» - аьлла Путина.

Оьрсийчоьнан спортехь «бакъ а долуш, гучудийлина допингаш лелош хилар», цунна къерахила деза, талла а деза, бехкенаш билгалбаха а беза, аьлла пачхьалкхан куьйгалхочо.

Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло шен талламаш баржийра 2016 шо чекхдолуш. 1000 гергга Оьрсийчуьра спортхо вара Сочи-2014 олимпиадехь магош доцу молханаш лелорна бехкевеш. Иштта бехкбиллира Москохарчу антидопинган лабораторина цо допингаш лелош болу спортхой къайлабахьарна.

Допингаш лелорна 2017 шеран бобслейн, скелетонан дуьненаюкъарчу къовсамашкахь дакъалаца дихкира Оьрсийчоьнна. Цул хьалха, Рио-де-Жанейрорчу 2016 шеран олимпиаде ваха дихкира 100 сов Оьрсийчуьрчу спортхочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG