ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа юха а омра арахеца тарло иммигранташ луьттуш


Тахана куьгтаIо лерина хилла иммиграцех долу омра цкъачунна тIе ца оьцуш дитина Iамеркан Штатийн президенто Трамп Доналда, хаамбо CNN-о. КIайчу цIийнан векало аьллачунна тIе а тевжаш. Телегойтийло бахарехь, и сацам Трампа бина ша Конгрессехь дина къамел цигахь дика тIеэцна хиларца доьзна, цуьнан мах цабожийтархьама.

Хьостано дийцарехь, иммигрантех долу омра тIеэца тарло тIаьхьо.

7 бусалба мехкан бахархой Штаташка чубуьтур боцуш сацамбийр бу ша аьлла дара Трампа хьалхо арадаьккхина омра.

ХIинца дийцарехь, арадердолчу омрано магор ду Шемарчу а, Иракъерчу а мухIажиршна махка кхача.

Трампан иммигрантех долу омра харцдира Сиэтлерчу кхелахочо. Трампан администраци ийшира цуьнца къовсуш Сан-Францискорчу аппеляцин кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG