ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн инарла лазийна Палмирехь


Шемахь Палмира гIала йоккхуш яккхий чевнаш йина Оьрсийчоьнан Малхбалерчу тIеман гонан штабехь эскархой Iамачу урхаллан куьйгалхочунна Милюхин Петрна. Петарбухарарчу "Фонтанка" интернет-газето дийцарехь, Бурденкон цIарахчу дарбан цIийнехь ву инарла.

"Фонтанкано" бахарехь, кIира хьалха мини тIенисвелла Милюхин. Шемарчу тIамехь лазийначу оьрсийн эскархойх дуьххьара инарла ву иза, хьостано бечу тергамца.

Палмира Асадан эскарша а, Оьрсийчоьнан авиацис а мукъаяккхарх дIахьедар даьржира прессехь хьалхо.

Ши бутт хьалха Палмирехь Оьрсийчоьнан десантан-тIелатаран декъан буьйранча вийна аьлла даьржира. Амма Кремло рогIехь тIечIагIдира шен эскарш лаьттахь тIемаш беш дац, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG