ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кема чудаийтина тIемалоша


«Ахрар-аш-Шам» шех олучу Асадна дуьхьаллаьттачу тIеман тобано шена тIеэцна Туркойчоьнан дозанна гергахь Шемин кема чудожор. Туркойн Hurriet Daily News хьостано, тIемалойн пресс-секретарна тIе а тевжаш, бина и хаам.

ХIаваъ лардечу йоккхачу тоьпаца дохийна кема, цо Идлиб провинцехь бомбанаш кхуьйсучу юкъанна, боху «Ахрар-аш-Шаман» векало.

Шоьтан сарахь бира хаам, Туркойчоьнан дозанца, Шемин лаьтта тIе доьжна т1еман кема аьлла. Асадан режиман Sana агенталло иза талламаш беш чудожийна, аьлла даржийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG