ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскархо вийна Шемахь


Шемахь, тIеман декхарш кхочушдеш, вийна хилла 23 шо долу эскархо Слышкин Иван шен махкахь, Челябинскан кIоштахь, дIавоьллина кху деношкахь, аьлла, яздо Коммерсант газетано. Хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Слышкин вийна байначу беттан 2-чу дийнахь иччархочун хIоъано. Нускал дало ахча даккха, вахана хилла Шема эскархо.

Цига вахале, Нохчийчохь эскаршлахь а хилла иза. Къилбаседа Кавказехь тIеман гIуллакх дIакхехьарна, майраллин, къонахаллин мидалш елла хилла Слышкин Иванна.

Билгалдоккху, Кремло Шемахь операци йолийчхьана, цигахь вийнарг ву 27 оьрсийн тIемало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG