Пятигорскехь кафечохь герз карахь хиина Iачу кIентан социалан машанехь даьржинчу суьрто дарбина оцу гIалин бахархой, бохуш, хаам бо "Комсомольская правда" газето. Инстаграмехь кIанта шех лаьцна бинчу хаамашца, Соьлжа-ГIалара ву иза. Инстаграмерчу цуьнан агIонтехь иштта карахь тапча ловзош кхи а масех сурт ду цуьнан.
Оцу кафечу шайн доьзалшца нах а богIу, цул совнах, уллохь бераш ловзуш, садоIийла а ю бохуш, оьгIазе комментареш йитина Пятигорскан бахархоша, кIанте бехкбоккхуш.