Немцойн мотт лелачу мехкашкахь уггаре а евзаш йолчу криминалечу сериало нохчех лаьцна филм яьккхина.
"Зулам дина меттиг" я, немцойн маттахь аьлча, "Tatort" цIе йолчу сериалан тIаьхьарчу арахецаран леламаш Швейцарерчу Люцерн гIалахь дIабоьлхуш бу. Цигахь вехаш волу Нохчийчуьра мухIажар Абуев Руслан бакъдолчехь Хашханов Руслан хуьлу, шен хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бина а, Iожалхошна лелхийтарш дан Iамийна а волу.
Иза лоьху, цхьана агIор, хIинцалерчу Нохчийчуьрчу Iедалхоша хьажийна волчу киллеро, вукху агIор - цу стага цхьана хенахь Iожалхо санна эккхийтина йолчу зудчуьн йоIа. Иштта бу "Tatort" оршот буса немцойн коьртачу АРД телаканалехь гайтинчу филман боца чулацам.
Германин, Австрин, Швейцарин юкъара продукци ю и сериал. Цу кхаа махкахь а, ткъа иштта Люксембургехь а, Лихтенштейнехь а гойту и криминале сериал.
Немцойн мотт лелачу пачхьалкхашкахь уггаре а лакхара хьовсархойн квота йолу филмаш ю "Зулам дина меттиг" сериалехь гойтуш ерш.