ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан юкъара яларан боламна кийча ю Британи


Шинарийдийнахь официалан тIегIанехь Евробертан юкъара арайолу кеп йоло дагахь ю Британин премьер-министр Мэй Ванесса. The Daily Telegraph газетано бина и хаам. Изза де билгалдоккху Sky News телеканало а. Евробарт а, Лондон а кийча ю брекситах дийцарш дIадахьа аьлла, дIахьедира кху кIиранах Мэйс.

Юьхьанца кху беттан юьххьехь процесс йоло дийцина дара. Министрийн кабинета лаам бу оцу гIуллакхан сихояр.

Дахначу шеран аьхка Британин бахархоша дIаяьхьначу референдумехь Евробертах къаста сацам тIеийцира. Байначу беттан юккъехь парламенто къобалйира Британин брекситан дийцарш долорах низаман проект.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG