“Ахмат Тауэр” хьалаян кийча бу хIинцале а бух, ткъа хIинца бухан плиташ чуйотта кечамаш беш бу белхалой. Ткъа иза дийриг немцойн фирма ю. Йохка-эцаран центр “Грозный Молл” хьалайоттаран кечамбе белхаш жигара дIахьош ду. Цент хьалайийр йолчохь хIинцале ор даьккхина. Йина яьлча, Оьрсийчохь уггар лекха гIишло хир ю “Ахмат Тауэр”, ткъа йохка-эцаран центр “Грозный Молл” Оьрсийчоьнан къилбехь хир ю уггар йоккхах. Белхийн жигаралле хьажа веанера тахана Кадыров Рамзан. Цунах хаамбо grozny.tv агIоно.