ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьтта юхакечдаран заводан метта Соьлж-ГIалахь битуман завод йилла реза ю "Роснефть"


Цхьа миллион тонн мехкадаьтта юхакечдаг аьтто болу завод йиллийта гIерташ ву Соьлж-ГIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров "Роснефть" компанега. Амма цуьнан метта цу компанин куьйгалхоша шаьш реза ду аьлла битуман завод йилла, хаам бо РБК агенталло.

Хьалхо "Роснефть" компанино сацам бинера Кадыровс боху завод йиллар эвcаралла йолуш хир дац аьлла.

Оьрсийчоьнан энергетикан министралла тIехIоьттина компанина хетачунна, дуьйцу РБК агенталло.

Цу хьокъехь Кадыровна хетарг цкъачунна хууш дац, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG