Украинехь Харкиван кIоштарчу Балаклея олучу меттехь тIеман декъан гIишло ю йогург. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, цу чохь латтош ду 138 000 тонн йоккхачу тоьпан хIоьънаш. ЦIе яларан бахьана ду царах цхьаъ ша-шех эккхар.
Iедалша къелхьара баьхна цу меттигана 8 километр гонаха беха бахархой – 20 гергга стаг.
Карарчу хаамца, лелхарш хиларна а, цIе яларна а вийна а, лазийна а стаг вац.