ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIемалоша тIелатар дина Оьрсийчоьнан тIеман декъанна


Нохчийчоь -- Новран кIошта, Оьрсийчоьнан эскаран дакъош. 2017.
Нохчийчоь -- Новран кIошта, Оьрсийчоьнан эскаран дакъош. 2017.

Нохчийчохь тIемалоша тIелатар дина Новран кIоштахь Оьрсийчоьнан тIеман декъанна. Росгвардин 6 эскархо вийна. ТIелалатар динчу тIемалошна юкъахь а вийна 6 стаг.

Цу тIематасадаларх лаьцна хаам баржийна ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостанна тIе а тевжаш.

Полицино бахарехь, Гвардин декъан кевнан ханна тIелетта герзахой. Царех 6 вийна, шиннан вада аьтто баьлла, бохура агенталло юьхьанца. ТIаьхьо даржийна, тIелеттарг 6 ву, уьш массо а байина, аьлла.

Хьостанаша бечу хаамца, яхначу буса 3-чу сахьтехь хилла тIематасадалар.

Интерфаксо дийцарехь, тIелатар деш нохчийн тIемалоша пайда эцна чIогIа дохк хиларх. Карарчу хенахь и меттиг гоне лаьцна ю эскарша а, полицин дакъоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG