ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедал резадацар а ца лоьруш, гуламе бовла бохку чергазий


Кхарачой-Чергазийчохь даржаш «везар-вовзар» а лоьруш доькъу аьлла, митинг хIотто гIертачарна дуьхьалойо Iедало, хаамбина шаьш бовзийта цалуучу бахархоша Маршо Радион «Кавказ.Реалии» проекте.

«Кавказ.Реалиица» къамелдинчу Чергазийн къоман Къанойн Кхеташонан куьйгалхочо Тамазов Анатолийс элира, «ца магош хIума ца аьлла, амма митинг яйтар I0-I5 де хьалха деха деза, аьлла, кехат деана» Iедалера.

Тамазовс бахарехь, цуьнан юкъарлоно тIебогIучу беттан 8-чу денна дехнера гулам байтар. Оцу дийнахь Черкесскехь йоккха базар хIуттуш ю, гулам бойла дац, аьлла ду жоп.

Iедал реза дацахь а, протестан митинг ца хIоттош шен го Iийр бац, элира Тамазовс «Кавказ.Реалига». Цо бахарехь, 5000 стаг ваха тарло гуламе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG