ХIирийчуьрчу 100 сов яккхийчу машенийн дайша протестан акци хIоттийна «Кавказ» некъа тIехь. Цара шаьш дийцарехь, доьхург кхочуш даллалц латтор бу цара гулам. И хаамбина машенлелорхоша «Кавказан Узел» газетехула.
«Платон» олучу системана (некъан тарифаш естор) духьал бу протестхой. Оцу кепо шайга, балхах йолуш цхьа а са а йоцуш, эрна къахьоьгуьйтур ду, боху цара.
Машенлелорхой реза бац некъах йоккху ял язъярца цхьаьна ягочун мах а бестарна – хьалха 2 сом доккхуш хиллачу мехкдаьттанах 8 сом доьху хIинца.