ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу мехкдаьттан, газан хьостанаш йоьхкина аукционехь


«Роснефть» компанино аукционехь бакъо яьккхина Бумматара-Даьттахара а, Шина Суьйра Юккъера а (Предгорное) мехкдаьттан-газан маьIданех доладан. И хаам баржийна Iаламан министраллан пресс-г1оьнчалло.

Кхечу шина аукционехь тоьллачу «Чеченнефтехимпром» компанина кхаьчна ХангIалара а, Нойбоьрара а маьIданаш.

Уггаре дукхa ахча делла Нойбоьрарчу маьIданех – 37, 4 миллион сом.

Ткъа Бумматара-Даьттахарчу а, Шина Суьйра Юккъерчу а, ХангIаларчу а мехкдаьттан-газан лаьттанех даьлла 2,3 а, 6,9 а, 9,6 а миллион соьмаш.

Таханенна «Чеченнефтехимпроман» доларчу 11,6 гектар лаьтта тIехь ю 1113 мехкдаьттан а, газан а хьоста. Иштта ю цуьнан мехкдаьтта, газ йоккху индустри, 4 ягориг Iалашъен база, 500 чаккхарма биргIанаш. Бакъо ю оцу компанин шен доларчу меттигашкахь кхидIа а маьIданаш леха.

Хьалхо Кадыров Рамзана дуккхаза а дийхира Оьрсийчоьнан куьйгалле «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан долаяккхар. Лурчах президенто Путина къобалбира Кадыровн лаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG