ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада сацамбина Давыденко юьртара къовсам бижош, лаьттан дакъош доькъуш лелла харцонаш толлу комисси кхолла, хаамбо «Нохчийчоь тахана» хьостано.

Комиссин коьрте хIоттийна юьртабахаман кмплексан гIуллакхашкахула йолчу парламентан куьйгалхо Асхабов Мохьмад.

Кхаарийдийнахь Асхабов а, ТIехьа-Мартанан кIоштан куьйгалхо Сельмурзаев Iалихан а цхьанакхийтира Давыденкон бахархошца. Цара дийцира нахана, ша цIено дан даладале милла а декхаре ву и дан бакъо Iедалера яккха, аьлла.

Хьалхо Маршо Радионо довзийтира юьртара хьал. Шаьш динчу цIенойх (уьш реестре ца даьхарна) 75 эзар охьадилла аьлла Iедало хIора а хIусаман дега. Иза кхочуш ца дича, юьрта цIенош дохон баьхкинчу низамхоша йиттина массех бахархочунна, царалахь I00 гергга хан йолчу йоккхачу стагна а тIехь, телефонаш яьхна нахера, ирх герзаш диттина.

ТIаьхьо юьрта ваханчу спикеро Даудов Мохьмада а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Алаудинов Аптис а шога къамел дира нахе.

XS
SM
MD
LG