ТIекхочийла долу линкаш

Давыденко Даудов веанера. Мохь хьийкхира бахархошна тIе, интернете видео йилларна


Давыденко юьртахь Мира урамехь низам а дохош, цIенош дина, хIораннах а Iедална ял охьайилла еза аьллачул тIаьхьа, нах реза ца хилча, полици яхара юьрта техникаца цхьаьна цIенош дIахьакха.

КIирандийнахь резабоцуш гулбеллачу бахархошкара дIаехира телефонаш, массех дIа а вигира 1едало. 100 шо долчу меттигерчу яхархочунна еттар къаьсттина чIогIа Iаьткъинера давыденкохошна.

Нехан резабацар гойтуш, Маршо Радионо оршоьтадийнахь яржийначу видеочохь мел хилларг Давыденкорчу школе а гулвина, цаьрга барт хаьттина юьрта веъначу парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Видео яьккхинарг схьавийца бохуш тIечехна иза бахархошна.Лаьцна латтавен кхо стаг дIахоьцур вац боху, уьш кхеле ийзор бу аьлла», хаамбо Маршо Радиога юьртарчу наха.

XS
SM
MD
LG