ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовн хьокъехь кхелан кхеташо дIатеттина


Талламан изоляторчохь латточу, Оьрсийчоьнан политик, оппозиционер Немцов Борис верна бехкелоручу Эскерханов Тамерланан ког а лазийна, кхеле хIотта цуьнан таро ца хиларна, кхаарийдийнахь дIаяхьа лерина кхелан кхеташо ханна дехьатеттина.

Хьалхо «Кавказан узел» агенталло яздира, Дадаев Заура ша лаьцначул тIаьхьа, шена тIехь Iазап латтийна хиларх кхеле латкъам бина аьлла. Иштта кхело Iораяьккхира, Дадаевс ша Немцов вийна хилар чIагIдеш, яьккхина видео а.

Карладоккху, 2015-чу шарахь Немцов верна бехкебина чохь кхобуш бу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бахархой: Дадаев Заур, ГубашевгIеран вежарий Анзор, Шадид, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG