ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернобылехь бохам иккхина 31 шо кхаьчна


Кхаарийдийнахь 31 шо кхаьчна Чернобылан зарратан станци а иккхина, бохам хилла. Радиацино бехйира Украинан а, Белорусин а, Оьрсийчоьнан а цхьайолу территореш. Дуьненаюкъарчу заррат энергехула йолчу агенталло дийцарехь, и ирча бохам дIабаккха гIерташ иттаннаш нах белира Чернобылехь.

И бохам дага а лоцуш, Чернобылан административан гIишлонна хьалхарчу «Дагалецамийн пенна тIе» зезагаш дехкира Белоруссин президенто Лукашенко Александра а, Украинан президенто Порошенко Петрос а. Иштта тезетан барамаш дIабаьхьна Москохарчу Митинан кешнашкахь а.

Цигахь дIабоьхкина бу Оьрсийчуьра а, Украинера а, Белоруссера а цIе йойу орцанхой.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG