Адамийн бакъонашкахула йолчу Евробертан комиссаро Нохчийчуьрчу гейшна тховкIело яла еза аьлла дIакхайкхийна. ЛГБТ-юкъараллан векалшна тIейогIучу хенахь кхераме ду Нохчийчохь баха, цундела Евробертан пачхьалкхаша тIелаца беза уьш аьлла кхаарийдийнахь комиссаро Муйжниекс Нильса.
Цу кепара кхайкхамаш бина Канадехь а. Нохчийчохь бу бохучу гомосексуалистийн проблемаш йийцарейо Британин парламентан депутаташа а.