ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел: "Референдумо талхийна Туркойчоьнца юкъаметтигаш"


Евробертан а, Хонкаран юкъаметтигаш чолхечу хьоле йирзина, Туркойчоьнан конституци тIехь хийцамаш беш референдум дIаяьхьначул тIаьхьа. Бундестагехь йистхуьлуш, Германин канцлера Меркел Ангелас бина и хаам. Референдумехь кхаьжнаш тосучу хенахь къепе йохош меттигаш нисъелла бохуш, Iорабуьйлучу хаамаша синтем бохийна, делахь а, Европано а, Туркойчоьно а «къахьоьгур ду диалог юхайолорехь» аьлла, билгалдаьккхина Меркела.

Иштта Меркела дагатесира, терроризмана пропаганда йо аьлла, бехкевина, туркойн Iедалша лаьцна немцойн Welt газетан журналист Юсел Дениз.

Шинарийдийнахь Туркойчоьнан президента ЭрдохIан Реджепа дIахьедина, Евроберта юкъаяхаран шен позици Хонкарас хуьйцур ю, нагахь санна Брюссело дIадахдахь и гIуллакх.

Кху шеран аьхка Туркойчоь Евроберта юкъаэцарх тIаьххьара бина сацам Iорабоккхур бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG