ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СПИД яржочаьрца къийсам латто дагахь ю Оьрсийчоь


Оьрсийчохь иммунодефицитан (СПИД) цамгар яржочаьрца къийсам латтон хIоттийначу планна буха куьйгяздина Медведев Дмитрийс. Цу тIехь, доккхачу декъанна, и цамгар йолчу нахана бераш даладар хIинццалц дихкина хиллехь а, хIинца бакъо луш ю. «Коммерсант» газетано бина и хаам.

Цара бахарехь, бераш дало а, кхаба а таро хир ю, оцу лазарна дарба а деш, лоьрийн Iуналлехь болчарна. Цкъачунна премьер-министро къобалдина омра зорбане даккхаза ду. Оьрсийчоьнан могашалла Iалашъяран министралло цхьана а кепара комментари ца елла.

ОхIлайолчу хьукматаша довзуьйтучу терахьашца, 1 миллион сов нах бу Оьрсийчохь иммунодефицит (СПИД) кхетарца билгалбевлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG