ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко депортаци еш ю оьрсийн шина вахархочунна


Къола а дина, электроан гIирсана Оьрсийчу экспорт ян гIортарна бехкевинчу шина вахархочунна чохь яьккхина хан дIа а лоруш, Оьрсийчу депортаци а еш таIзар кхайкхийна аьлла, хаамбо Нью-Йоркан федералан прокуратурано.

Стохка гурахь лаьцнера Оьрсийчоьнан ши вахархо, 33 шо долу Карпенко Дмитрий а, 27 шо долу Крутилин Алексей а, ракеташ а, радараш а тIехьажон микроэлектронан компоненташ эца гIертачу хенахь. Шаьшиннан бехкхиларна мукIарло дина шина кIанта.

Церан адвокаташа чIагIдарехь, бехке хилар тIелаьцнехь а, Карпенок а, Крутилин а ца хилла и гIирс эца дагахь, Аелек олучу цушимма болх бечу оьрсийн компанино оьцур болуш хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG