ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна дуьхьал акцеш йолийна Оьрсийчохь


Шотадийнахь антипутинан "КIордийна!" протестан акцеш дIаяьхьна масех регионехь «Йиллина Оьрсийчоь» («Открытая России») боламо. Оцу гуламашкахь Оьрсийчоьнан бахархошна дIасадекъна Путине яздина кехаташ, уьш дIакхачор ду президентан администраце. Кехаташ тIехь масех тIедиллар ду Iедале, царех цхьахь - Путине дакъа ма лаца боху тIедогIучу шарахь президентан харжамашкахь. "Настоящее время" хьостано бина и хаамаш.

"Открыьая Россия" боламан куьйгалхочо Ходорковский Михаила пIераскандийнахь «Эхо Москвы» радиостанцина интервью луш дийцира, Iедало акцеш дIаяхьар дихкина доцчу гIаланашкахь, транспаранташца а, аьзнийн аппаратурица а хIиттор ю митингаш аьлла, ткъа Iедало пурба ца деллачу меттигашкарчу бахархоша шаьш Путине яздина кехаташ дIакхачор ду администрацешка, аьлла.

Кемеровохь акци йолаялале "Открытая Россия" боламан ши жигархо Пастухов Павел а, юрист Смирнов Павел а дIалаьцнера. ТIаьхьо и шиъ маьршаваьккхира, амма карара телефон а, видеокамера а схьаяькхинера.

Иштта дуьйцу хаамашкахь, Кемеровохь йоьдучу митингехь 16 стаг лаьцнера бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG