ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вице-премьер Дзейтов балхара дIаваьккхина Евкуровс


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека балхара дIаваьккхина хьалхара вице-премьер Дзейтов Муслим, хаам бина Евкуровн зорбанан сервисо.

Цу тайпа сацам бина Евкуровс, Несарахь еш йолчу перинаталан олучу (доьзалхочух болчу зударшна хьехарш дон а, царна дарба дон а, ткъа иштта дуьненчу девллачу гIийла берашнаа гIо дон а) центрехь ша хиллачул тIаьхьа.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна дуккха а кхачамбацарш карийна цигахь, шайна юкъахь болх дукха меллаша бар а долуш. И бахьана долуш болх бан йолаяла аьтто боцуш лаьтташ ю центр.

Болчу хаамца, белхан график а, план а ца хилла цхьангехь а. Цундела Евкуровс балхара дIаваьккхина Дзейтов а, гIишлош яран министраллан цхьана декъан куьйгалхо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG