ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 сов некъахо лазийна "Москох - Бангкок" кеманан тIехь


 Боинг (Boeing) 777.
Боинг (Boeing) 777.

20 сов некъахо лазийна "Москох - Бангкок" некъахойн кеманан тIехь, иза «хIаваан орчу кхетар" бахьана долуш, хаам бо ТАСС агенталло. Царах цхьаболчера меженаш кегйина.

"Аэрофлот" компанин Боинг (Boeing) 777 охьахаа доладеллачул тIаьхьа хилла ду иза.

ТАСС агенталлан хьостано дийцарехь, лазийнарш бу кхерамазаллан доьхка дIатесна хилла боцу некъахой. Цо чIагIдарехь, верриг а лазийнарг ву 25 стаг, царах 19 охьавиллина дарбанан хIусаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG